Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Iела АтагIара - Хьажи ва шен ваша Хьажи | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Хьажи ва шен ваша Хьажи

I
Хьажи ва шен ваша Хьажи. Хьо жинашца тайна хьо тилла лела бохуш, ма чIогIу ша хьийза во-кха дегIистанарчу Iелима молланаш шен ваша Хьажи.
2
Дела реза хилла, шен ваша Мовсар хьуна! Дала азаллехь Шен цIарах цIе хIоьттина, Ше нуьрах нур делла, и Дела салам хилариг и Дела Элчи кхоьллира хьуна, шен ваша Мовсар. Дала азаллехь Шен гIийли дегI кхоьллина ваьллачул тIаьхьа, и Ловхьул-Махьфуз кхоьллира хьуна. Оцу Лавхьул-Махьфузе хьажа, хьан гIийла ваша вахара хьуна, Дала Лавхьул-Махьфузехь цхьа йоккха хазна карийна, цу хазний тоьлехьа долуш, яра IалаллахI-IулиллахI боху чехка зикру дохьуш, хьан гIийла ваша веара хьуна, шен ваша Мовсар.
3
Мовсар оцу ДегIистанарчу Iелим наха ша гIалат во хьоьги,
Ша жинашца тайна, тилла воьду боху-кха хьоьги.
Дала Адам пайхамара зуриййатахь йолуш,
Тайпана къурайши, ИбрахIим пайхамари миллатехь йолуш, Вай Делаха хоттаела цхьа миска тоба йогIуш ю хьуна,
Оцу тобанца хьан ваша тайна ву хьуна, шен ваша Мовсар.
4
Мовсар оцу вай Дала ша, Авлияаш Шайхаш диване дIагулло аьлла, вай Делера кхайкхар деара хьуна,
Делан Авлияаш шайхаш, вай Дели диване дIагулбелир хьуна шен ваша Мовсар.
5
Мовсар оцу вай Дала ша, шена гергара цхьа кIеззиг бала гучу баьккхир хьуна,
И бала ла ца бела, оцу балийна кхера белла,
Ламани шайхи синош, ламана боьдуне хьалхина,
Арени шайхи синош, аренашка хьалхина,
Дала кховдиначу балина кIел, хьан гIийли ваша сецира хьуна шен ваша Мовсар.
6
Мовсар и кхана догIур ду бохуш долу и къемата докху де догIур ду хьуна, и Дели салам хилариг и Дала Элчи, цу махьшар ара вогIур ву хьуна, шена тIехьа йозучу мискичу тобунци, цу Дала Элчана байракх кIел, хьан гIили ваша вогIур ву хьуна, мархьаба - марша вогIила хьо Киши воI бохуш, цу Дала Элчано хьан гIиличу веше 5 бIе шарахь маршалла хоттур ду хьуна, шен ваша Мовсар.
6
Мовсар и кхана догIур ду бохуш долу, и къемата докху де догIур ду хьуна. Дала шен некъаш хедина тобу, цу махьшар ара ялор ю хьуна. Дала и тобу Iаламана хьалха хIоттина, дуьнена тIехь йоккхучу замангахь шена дукху везначу вели, некъаш хедийна тобу ю яра бохуш, Дала малайкашка эз-эзир Iазапаш долуьйтуш байттамалица и тобу елхор ю хьуна шен ваша Мовсар.
7
Мовсар и кхана догIур ду бохуш долу, и къемата докху де догIур ду хьуна, шена тIаьхьа йозучу мискичу тобанци, цу Дели луларчу хIусаме вай гIуриг ду хьуна, марша йогIила хьо, шена дукху ваьзначу вели миски тобу бохуш, эзир эзир шернишкахь, и тобу шен лулахь хьоьстур ю хьуна, ше ваша Мовсар.
8
Мовсар и кхaна догIур ду бохуш долу и къемата доккху де догIур ду хьуна,
Шена тIехьа йозучу тобунци, цу Дела луларчу хIусаме вай гIуриг ду хьуна. «Марша йогIийла хьо, Шена дукху везначу Вели миски тобу», бохуш. Дала хIорунни, мюриди коьрта тIе паччахьали таж туьллур ду хьуна, Дала Ше къинхетаме куьг, муридий коьрта тIе хьоькхуш, эзар-эзар шернишка и тобу Ше лулахь хьостур ю хьуна, шен ваша Мовсар.
9
Азаллехь Делаца, цу Делан Элчанца, хьан гIийлачу вешин хIоттаделла гергарло, иштта ду хьуна, оцу Делаца, цу Делан Элчанца хьан гIийлачу вашас бина мах иштта бу хьуна!


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-