Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хава Ахмадова - Даймохк (New 2015) [exclusive M95] | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

I.
Ламан г1иллакх айдина
Халкъан бала байбина
Хьан турпалчу к1енташа
Нохчийнчоь яьккхи маьрша
Дехьа дахар ирсе ахь
Доьху хьоьга я Аллах1
Безац тхуна хийра мохк
Беза тхуна тхайн Даймохк
Припев:
Сан кийрахь деттало
Сан Даймехкан дог
Сайн Даймахкахь лаьа ловза ирсе ког
Сирла малх къегина эшийна г1ело
Сан Даймохк хьо кхин а хазло хьо денло
Оьздачу маттаца ненан мотт буьйцуш
Адамийн а дегнаш яхьаллехь дузуш
Маьрша яха лаьа суна Нохчийнчоь
Маьрша дог1ийла хьан къоман х1ора де
II.
Стигал сийна хуьлийла
Маьрша машар дебийла
Лазийна дог дирзина
Даймохк ирсе бехийла
Дависа хьан Нохчийнчоь
Хьоьх ма яла цало со
Халонаш лан реза ю
Ненан махкахь хилча со
Припев:
Сан кийрахь деттало
Сан Даймехкан дог
Сайн Даймахкахь лаьа ловза ирсе ког
Сирла малх къегина эшийна г1ело
Сан Даймохк хьо кхин а хазло хьо денло
Оьздачу маттаца ненан мотт буьйцуш
Адамийн дегнаш яхьаллехь дузуш
Маьрша яха лаьа суна Нохчийнчоь
Маьрша дог1ийла хьан къоман х1ора де
III.
Даймехкан сий толам беш
Ненан мотт махкахь дебош
Адмийн дахар ирсе деш
Дерриге дуьне хьегош
Лераме мерза цхьаьна
Барт болуш а даха вай
Нохчийн ц1е ойуш денна
Хила вай вайн мехкан дай
Припев:
Сан кийрахь деттало
Сан Даймехкан дог
Сайн Даймахкахь лаьа ловза ирсе ког
Сирла малх къегина эшийна г1ело
Сан Даймохк хьо кхин а хазло хьо денло
Оьздачу маттаца ненан мотт буьйцуш
Адамийн а дегнаш яхьаллехь дузуш
Маьрша яха лаьа суна Нохчийнчоь
Маьрша дог1ийла хьан къоман х1ора де

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Видео
    Нет видео
    -