Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хусейн Бетельгириев - Дашо г1арг1улеш | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Ас хьан ч1абанах г1айг1а юйцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь,
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю..

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьрта йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь,
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду..

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь,
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву..

Хаза хилла хьо, кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со, къинойх ц1анлур ву..
Вайшиъ декъалдан лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен илли дохьур ду..

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю..
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанах сайн ирс дуцур ду..

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
  • БЕТЕЛЬГЕРИЕВ Хьуьсен - Дашо гIаргIулеш БЕТЕЛЬГЕРИЕВ Хьуьсен - Дашо гIаргIулеш
    Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю, КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь. Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю.