Pesni.guru - сайт для Гуру
\".. Хаза ю ламанца буьйса,
Батто стиглахь нека до,
Ойла ю тоелла тховса,
Безам кийрахь ийало..
Собар де-хьа, д1а ма г1о-хьа,
Сай даггар дийцита-хьа,
Ши дош ала бакъо ло-хьа,
\"Еза, йола\" алийта-хьа..
Наб озийначу хин йистехь..
\"Веза, йог1у\" ахьа аьлча..
Цу лекхачу толлан 1индаг1ехь
Бехк буй аса илли аьлча..\"
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1