Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Милана Висханова - Хьо везавелира (New 2016) [M95] | Текст песни

I. Хьо везавелира хьомениг суна
Хьоьга сайн дагара ца лечкъош дуьйцу
Моттара карийна сайн ирс ду суна
Амма со хиллера хьоьх 1ехаелла ( 2 раза )

II. Нийсарша алара соьга хьо вита
Амма сан даго и т1е ца лацара
Сан дог а дара ша безамах дуьзна
Хетара вовшашна кхоьллина вайша ( 2 раза )

III. Сан б1аьргаш г1елделла хьо вог1у ларвина
Балано лаьцна дог хьоь сатийсина
Ваха те хьоменаг кхиниг а езна
Йиси те со цхьалха кхин вог1ур воцуш ( 2 раза )

IV. Хьуна д1ахаийла сан деган везар
Хьо вара сан дагна сел ч1ог1а везна
Хьо везар, хьо эшар сан эрна хили
Д1адели и тахна г1ан хилча санна ( 2 раза )

Другие названия этого текста
  • Милана Висханова - Хьо везавелира (New 2016) [M95] (0)
  • Милана Висханова - Хьо везавелира (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-